Маь1не байташ...

Поделиться
HTML-код
  • Опубликовано: 17 окт 2024

Комментарии • 7

  • @ДикНахчо-в1ь
    @ДикНахчо-в1ь 4 года назад +3

    👍👍👍

  • @НажмутдинШимаев
    @НажмутдинШимаев 4 года назад +3

    • @visbulatsaaduev9672
      @visbulatsaaduev9672 4 года назад +2

      Бакъдерг,вай заманна дог1уш долу дешнаш ду,церан ойла ян,кхеэта корта хилчахьана.Аллах1 реза хилли шуна иза ролик яккхарна.

    • @daymohk_lazam4155
      @daymohk_lazam4155 4 года назад +1

      @@visbulatsaaduev9672 Дела реза хуьлда хьуна. Дала сий дойла.

  • @madina_5311
    @madina_5311 4 года назад +1

    Кто нибудь может написать текст🙏🙏

    • @daymohk_lazam4155
      @daymohk_lazam4155 4 года назад +1

      Madina _
      "Йоца байташ" Хьалхара дакъа
      Дуьйлучу гIалатех мохь хуьлуш хилча,
      Дахаран чеккхене текхо а безаш,
      Кхиамийн хехь латта хир дара кийча,
      Ситтинчу баккъашца дахар ца дезаш.
      ***
      Мел дукха дуьйцу вай бакъхабарш хийла,
      Мел кIезиг бакъхуьлу гIуллакхе даьлларг.
      Бакълуьйчух йолу цкъа гIалатло шийла,
      Наггахь цкъа бакъ нисло харцлуьйчо аьлларг.
      Цушиннах цхьаъ сийсаз, я важа сийлахь
      Хеттачух, хетарна гIалатло яьлла,
      Бакълуьйш верг харцвечу дуьненан кийрахь,
      ТIех бакъо лехар а харц хилла даьлла.
      ***
      Бендацарх чIагIделла тIулган дог дашшал,
      Iаь-хазчу дешнашца тешнабехк боьлу.
      Тешамо цкъа а ца хьистинарг тешшал,
      Говза ду къамелаш, сема дог-м доьлу.
      Мотт хуург кханено тахана хьашшал,
      Къамелан заманах селхане йоьлу.
      Тешавеш лелачу хазачу дашал,
      ГIийлачу гIуллакхехь дерг ду-кха тоьлуш.
      ***
      Цагинарг ган лууш ка-мIараш хьоькхуш,
      Цкъа динарг кхин ца дан чIагIонаш лоьхуш,
      Хиллачун, хиндолчун юккъехь а соьцуш,
      Долчунна букъ тоьхна, ирс эцар доцуш,
      Эхарта доьлху вай кечам а боцуш,
      Вай дуьгуш йоьдучу заманца къуьйсуш.
      ***
      Кхокхарчех гIевттина ойланаш тIома,
      Дог берзан амалах дIагIерта лома.
      Сатийсам мохк битна гIаргIулеш санна,
      Шен йоцчу геналле кхийдаш бу денна.
      Ка йоьхна висина хета ша цхьанна,
      Ган доьгIна ца хилларг ца гичахьана.
      Багарчу рицкъанах Iаба ца Iемаш,
      Ирхене гIерта вай тишдина ленаш.
      ***
      Къорачул къарвелла ца хезаш цхьа а,
      БIаьрзечул бIарзвелла тIеэцна цхьалла,
      Беллачех дIатоха велла а воцуш,
      Диначийн могIарехь меттиг ца лоцуш,
      Дуьненал арахьа эхартан гергахь,
      Цхьа доккха са даккхалц елар-кха мIаьрго.
      Дуьненахь латтош дерг бен доцучунна,
      Хуур-м дац и мIаьрго мел оьшу суна.
      Шахабов СС

  • @myopinion4814
    @myopinion4814 4 года назад +3

    👍👍👍👍👍