Ни одного лишнего слова, но, для меня самое важное, что он сказал, нельзя, ни в коем случае брать невесту, которую выводят из дома отца, брать за руку..
Кхи и вай хелхарш полный де ца делч, и шэй 1арбой а, туркой а, ойхьазло юкъ хици цар и ахч кхийдор мехкаришк.. Срочно д1а ца даккхахь, телхш ду хелхар хьал
Лайкаш ма кхоайе!
Дала сий дойла шун, тхан мехкан къаной 🤲 Раиса, Дела реза хуьлда хьуна а, х1ара мехала болх барна.
Нохчийн ловзарехь, я синкъерамехь йоI халхайолуш цуьнах хьакхаваларх ларлуш хилла бола юкъахь верг а, го а бина, халха волучунна тIараш детташ берш а. Цундела, йоIа кара ахча таIор цхьана а кепара догIуш дац цу гIиллакхашца. Цуьнах геннара дуьйна чоа хьакхаделчи а, гIовтал Iоттайелчи а, и тIам дIабоккхуш хилла, йоIах хьакхабелла болу! ТIаккха, цуьнан кара ахча муха таIор ду ахьа, куьг ца хьакхалуш, я оцу ахчанна тIехула ца Iотталуш! Таханлерачу денна санна, массарна а ша кIорда а вайтина, дIавала ца кхеташ, сетташ а ца хилла юкъаваьлла стаг, шен леларан сурт лардеш а хилла цо.
Кхо го бен боккхуш а ца хилла, иза милла а велахь а. Хьалхара го. ЙоIа а, къанта а ловзаргахь болчу нахана, шайн гIиллакх а, оьздангалла а гайтаран го хилла иза - хьала гIовттаран а, дIадоладаларан а, вовшен ларам баран а, йоI юккъе кхайкхаран а.
ШолгIачу гонехь, (шена) йезаш йолу йоI кегийрачу нахана а, ловзаран дайшна а, массарна а (иза мел хаза ю, мел хаза халхайолуш ю, мел куц долуш ю, мел гIиллакхехь халхайолу ...оьзда, гIиллакхе) иза гойтуш, цуьнан го хилла.
КхозлагIниг, наггахь йоI а хьовзош, къанта кIенташна бухь а бугIуш... и го къентан болар а, къентан доьналла а, къентан яхь гойтуш го хилла. Кхо го бен бокхуш а ца хилла, цкъа бен къант халхаволуш а ца хилла, цкъа хьалагIаьттича. Бохь богIар... тIаьххьара бохь...хьан-хьанна а хьалха бугIуш ца хилла. Инарлина хьалха бохь богIа бакъо ца хилла, къонахчуьний а, лораш болчу къанойн а, хьешийн а бен. Иза чIогIа деза лаьрра. Шен гонна хьалха богIа безаш хилла бохь. Жимчустага тахана, ваха а воьдий, инарлина а, хьанна а хьалха бохь бугIу. Иза ца ларар ду, иза гIиллакх ца хаъар ду.
Нохчийн ловзарехь, нохчийн къант а, нохчийн йоI а халхадаларан шен гIиллакх хилла.
ТIкъа цхьаболчара, цахуучара, и гIиллакхаш талхош меттигаш йогIа. Кхечу, лула-куларчу, къаьмнийн гIиллакхаш схьаэцнарш а бу. ТIкъа цхьаберш -гIиллакхаш шайна ца хиича, шаьш дIалеллийнарг гIиллакх ду моьтташ хуьла.
Амма нохчийн гIиллакх лело, иза чIогIа хала хилла, чIогIа деза а хилла, сийлахь а хилла иза лелийча.
👍👍👍 Аллаh рез хийл хьуна. Мел хаза серла даьккхи ахь вайн lадаташ, мел говза буьйцу нохчийн мотт
Делахь, ма дик кхетам болуш, оьзда стаг ву Султан, ма дарр дийци цуо нохчи г1иллакхш! Иштта уьш лара а, лелда а ницкъ, хьуьнар, кхетам лойла вайна Дала!
Раиса, Дела реза хуьлийла хьуна
х1ара г1уллакх бала а кхаьчна тидаме дилларна.Х1ара вайн тахане а, вайн кхане а ю. Вайн сий а, лерам а, вайн ц1е а ю х1ара.Х1ара болх х1ора а юьртахь бан безаш бу, вайна вешан нохчаллех довла ца лаахь.Аллах1а аьтто бойла вайн,амин ! теркахо.
Раиса маршайог1ила хьо иштта хьан беррига накьости оцу кегирхойшна зудберашна г1иллакх оьздингалла йовзитар уггаре ч1ог1а оьшушболу болх бу делахь царна довзита шаьш муьлхачу тайпанах бу шаьш х1унекьи бу Шай верасаш муьлш бу хаита царна х1инца даьхнино бахамо вай кьам дахина ловзарш ч1ог1а дастаме даьлла хьалха йо1 готосуш хелхаялийтара х1инца ца1 вегош важа ирхлелхаш салтош еш атлеташ хилла 😢😢
Лайшна бен тосуш а ца хилла (иза). И ахча схьагулдеш хилла. ХIокху лай-йоIана а, хIокха кIант-лайна а хIоккхул дукха ахча тесна олий, оцу дукха ахча тасарехь хьалхара меттиг къастош хилла. Церан дайша диллина долу совгIат толам баьккхинчарна дIалуш хилла. Иштта, нохчийн йоIанна тIе, нохчийн ловзаргахь тIе ахча тесна дац.
Нохчийн халкъана юкъехь оцу кепара лай нах хилла техьа? Йа ахь дуьйцарг кхечу къома г1иллакх ду техьа?
Дуккха хилла хир бац!Из ахча тасар а ма ца хилла дуккха! Ал-дашан сай кхузткъе диъ шарахь суна цхьанаъ синкъерамехь гина ма дац ахча тосуш! Х1инца гергачу хенахь телевизор чохь гинарг бен!@@Теркацасуьйренаш
@ Нохчийн гIиллакхехь и ахча хьанна тосуш хилла аьлча, ловзарга богIуш хилла луларчу мехкашкара элий а, шовхалш а, бекаш а. Шайн-шайн къаьмнийн ма-хиллий уьш, нохчийн хилла бац элий, нохчийн къонахий хилла. Цхьана къонахчу дикане, цо динчу ловзарга кхайкхина богIуш хилла и элий а, шовхалш а, бекаш а.
Уьш схьабаьхкича и ловзар кхаъа дийнахь а, кхаъа бусий а, я ворхI дийнахь а, ворхI бусий а лаьтташ хилла. И ловзар шайна гIелделла аьлла хеттачу хенахь (оцу баьхкинчара лай а ма-хиллий шайца балош, божарий а, зударий а) и лайш шишша стаг а, зуда а юкъадоккхуш хилла, къовсуш хилла, халхар деш хьайниш дика бовлий, сайниш дика бовлий, олий.
Уьш гайта, цхьаний мах хадо атта хилийта, пхи эла велахь а къовсуш верг, ялх велахь а, оцу ялхий а... цера ялх йоI, ялх къант а юкъадоккхуш хилла. Иштта бен, шишша волуш, халха бевлла а бац нохчийн ловзаргахь. ТIаккха царах дика халха бовлучарна, оцу хьоьжуш болчара ахча тосуш хилла тIе.
Лайшна бен тосуш а ца хилла ахча. ХIокху лай-йоIана а, хIокха кIант-лайна а хIоккхул дукха ахча тесна олий, оцу дукха ахча тасарехь хьалхара меттиг къастош хилла. Нохчийн йоIана тIе, нохчийн ловзаргахь тIе ахча тесна дац.
@@WLW72 масиийта кlант, масийта йоl юкъадолуш суьлийн. lедал а ду-кх
Ни одного лишнего слова, но, для меня самое важное, что он сказал, нельзя, ни в коем случае брать невесту, которую выводят из дома отца, брать за руку..
Олуш томехь дацахь а, шиммо, йа кхаамо лаца а лаьцна машен чу хаош, охьайокхуш ца хилахь, нус охьа-м йужар йу х1инца, ше баккхи тухлени к1ажош хиларций, барам боцуш йоккха куогаш хьарчош сов йолий, лаьттах текхаш йоьханчу Европи коччиций! Масситтамо аййина ца йаьккхича машен чуьра араа ца йаккхало!Совцо дезаш х1умнаш ду уьш!Нах белабой, кхаьрдий ца хаа теш царна, ма беламе, къоршаме ду иза!
Нохчий къом.Эдлах.йо1 кхар аьхч кховдар.Ша Ца вашар гайтар ду.Ша сий ца дар ду.Кхар Аьхч кхавдар.Нохчий юкях лил хум дац из.ша халх йолч хен чоьх.Оц Йо1 и аьхч сха 1ицах.Цо ший Мах мял бу гайтар ду.Кхар Аьхч кховдар.Суьли,Г1умкхи-Эдалц.лял цейр г1илкхаш ду шун.
❤❤❤❤❤
❤
😎👍👍👍
Вайна массарна а пайдехь къамаьл ду...
Кхи и вай хелхарш полный де ца делч, и шэй 1арбой а, туркой а, ойхьазло юкъ хици цар и ахч кхийдор мехкаришк..
Срочно д1а ца даккхахь, телхш ду хелхар хьал
Ма кхо е!
Докка вист хlунда цахилийти?
@@ДадаБагдада В очередном подкасте хир ву. Самагатде
❤❤❤❤❤