ГIапур АЛИЕВ - Десачу гуьйна тIе...

Поделиться
HTML-код
  • Опубликовано: 3 ноя 2011
  • Десачу гуьйна тIе меца пхьуй санна,
    КIецаш еш, хьан кIентий гуллучу дийнахь,
    Сан илли дIадоьду, гила-борз санна,
    Акхачу хьаннашкахь лазамна угIа.
    Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
    Со мича гIур вара, мича?!
    Карраш зен гIевттинчу майданийн койша
    Узтазаш неIалтах багочу дийнахь,
    Сан илли дIадоьду, сира сай санна,
    Тарханийн назмане ладоьгIуш латта.
    Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
    Со мича гIур вара, мича?!
    Курхалчаш, гIазотан байракхаш ловзош,
    Къомах кхаж тарбелла хьийзачу дийнахь,
    Сан илли дIадоьду, IиндагIа санна,
    Еллачу ярташкахь хьан серло леха.
    Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
    Со мича гIур вара, мича?!
    Кхоаме, тишачу барзакъе санна,
    Халкъ шен лайн амалшка хьоьжучу дийнахь,
    Сан илли дIадоьду, къена мурд санна,
    Бицбинчу бIан новкъахь гIароллехь латта.
    Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
    Со мича гIур вара, мича?!
    Хьо йохка Iеминчу къуйн стешха кIезий
    Баьччанийн ловзарех ловзучу дийнахь,
    Сан илли дIадоьду, аьрзуно санна,
    Хьан некъийн хIора сиз бIаьрсица къийла.
    Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
    Со мича гIур вара, мича?!..
    Апти БИСУЛТАНОВ
  • ВидеоклипыВидеоклипы

Комментарии • 27

  • @user-kt8oi7cn4z
    @user-kt8oi7cn4z 7 лет назад +11

    Дай Махкахь йоккху ц1е хьа санна йалар са Г1апур.
    Дала геч дойла хьуна. Дала къинхетам бойла хьоьх.

  • @xizarbaks7382
    @xizarbaks7382 Год назад +2

    Аллах1 гяч дойл хьун. Аллах1 ше къинзетам бина хьох сийсаз царь войташ витар хьо. Это не песни это зов души. Помним и будем помнить.

  • @bursbuorz5958
    @bursbuorz5958 6 месяцев назад

    Нохчи къам долу хенаш яра уьш.

  • @tanokaridi121
    @tanokaridi121 4 года назад +3

    Марж дуьне йаь1,марж Даймохк йаь1. Дал декъал войл хьо Тхан ВАШ Г1апур.Ма борз хиллакх хьо

  • @chechenarbi9179
    @chechenarbi9179 6 лет назад +14

    Нохчийчоь это йоцуш хилча Со Мича г1ур вара мича! Оцу дешнаш б1аьргах хи даьккхикх са , цхьа Де хир дукх вай схьа хаза мерз 1аш

    • @user-ph1yt5ii3h
      @user-ph1yt5ii3h 4 года назад +1

      Chechen Arbi Ин Ша Аллахl!

    • @user-hs8yu2pz1j
      @user-hs8yu2pz1j 3 года назад

      Нохчичохь 1аш ма ву 1а хьакх дерг

    • @user-hs8yu2pz1j
      @user-hs8yu2pz1j 3 года назад

      Ц1а вола ц1ахь хаз ду хьуна

    • @user-dr3ht9qh5e
      @user-dr3ht9qh5e 2 года назад

      @@user-hs8yu2pz1j 1а хьакъ дацкх вай ц1ахь цхьана кадыровци

  • @vaynah5537
    @vaynah5537 5 лет назад +2

    Г1апур Дала геч дойла хьуна,Дала декъала войлахьо. Нохчий къонаха.

  • @malikaduc682
    @malikaduc682 8 лет назад +10

    ...На планете-ЗемляМы с тобой повстречалисьДве звезды в бесконечных мирах.И как сблизиться мы не пыталисьНа волнах миражей мы терялись.Сознавая, понять не пыталась,Что звезда мне в награду дана.Хоть судьба вновь и вновь нас сводилаЯ, блуждая в мирах все терялась.А сегодня, тоскуя рыдаюЯ сиротство свое ощущаю.Нет ЗВЕЗДЫ, нет планеты моей,Что в награду была мне дана.

  • @malikaduc682
    @malikaduc682 8 лет назад +7

    Чеченский САМАРОДОК-ГАПУР АЛИЕВ.Дала геч дойла хуна.

  • @user-sf4nr3ii3x
    @user-sf4nr3ii3x 4 года назад +2

    Гапураца цхьаьна хилла ву со. Иза нохчийн ц1ена дог шен кийрахь долуш к1ант вара. Дала гечдойла цунна. Иза тайпана стаг к1еззиг караво х1инца. Бахамца к1еззиг г1уллакх дара цуьнцаний иза гойту цуьнан байташа

    • @negative2181
      @negative2181 4 года назад

      Ты знаешь как он умер и где?

  • @user-rt7es9bs5v
    @user-rt7es9bs5v Год назад

  • @che7212
    @che7212 6 лет назад

  • @luisaismailova8935
    @luisaismailova8935 4 года назад +2

    Валлахьи к1оргий нохчийн мот хуушам хилла цун! Многое из его слов я не понимаю, стыдно.! Аллах1о гечь дойла цун! Ц1ер мичар вар и,тайпан мил вар?

    • @abuusaidal-shishan5828
      @abuusaidal-shishan5828 2 года назад

      Мартанчур, тайпан Зумсо.
      Хьун ца кхетта дешнийн маь1ан дийца йиш ю, ахь уьш билган дахахь

  • @user-ei9xr7pg6w
    @user-ei9xr7pg6w 9 лет назад +1

    Война и родина

  • @user-wr1rs8bf6z
    @user-wr1rs8bf6z 5 лет назад

    Видео яит аьтту буй хьа

  • @raballaha9311
    @raballaha9311 6 лет назад +3

    3 лайно дезлайк йилна))))

    • @user-dg6qu7do6r
      @user-dg6qu7do6r 4 года назад +3

      4 кафыровца))

    • @user-hs8yu2pz1j
      @user-hs8yu2pz1j 3 года назад

      Лайш йуькх шу баля шайт1наш европер

    • @davidwolfgang3909
      @davidwolfgang3909 3 года назад +1

      @@user-hs8yu2pz1j г1аскхиши муз т1ера хьалаг1атта, ивани нус хьой ма ерри

    • @user-hs8yu2pz1j
      @user-hs8yu2pz1j 3 года назад

      @@davidwolfgang3909 хьа нен буд чу дуллар ду ас хьо 1ад ца 1ахь хьо мил ву ала хьо борш валахь

    • @user-hs8yu2pz1j
      @user-hs8yu2pz1j 3 года назад

      @@davidwolfgang3909 хьо борш валахь хьай номер яита хьо раси чохь валахь ас хьа нан хьахина хьуна борш вуй хьо суна т1е кхача ма дит суна