Имам АЛИМСУЛТАНОВ - Дай Баьхна Латта

Поделиться
HTML-код
  • Опубликовано: 29 сен 2024
  • ДАЙ БАЬХНА ЛАТТА
    Хlар ду-кха
    Дай баьхна латта:
    Сан хьоме
    Чехка Терк,
    Токх аре.
    Хьенан рагl,
    Лаьмнаш.
    lуьллу и
    Дегlана,
    Бlаьргашна аьхна,
    Малха кlел баржийна
    Къорза куз санна.
    Имама Шемала
    Сийдина латта!
    Шериповс шен цlийца
    Цlийдина латта!
    Хийла кlант хьийзина,
    Хийла лом цlийзина --
    Бlешерийн баланаш
    Бохийна латта!
    Хьенан дог деладац
    Хьеначу лаьтто --
    Хьоьжуш а,
    Хьоьшуш а,
    Хьедеш а нохьца;
    lуьйренца ловзадеш,
    Суьйренца товжадеш,
    Эсала маргlал цо
    Ластош а мохца.
    Сийна кlаш
    Тулгlедевлла,
    Бай боьлу
    Зазца.
    Аренаш юттуш ду
    Цаьпцалгийн оза;
    Регlан варш,
    Ломан хьун
    Кегаеш дека,
    Жимчохь ладийгlина
    Аз девза хьоза.
    Берахь бlаьрг биттина,
    Къоначохь хьиэшна,
    Къанвелча тlехдезна
    Къонахойн латта!
    Хьенан дог детталац
    Хьерачу наха
    Хьарам куьг кховдийча,
    Хьаналниг датта?
    Доттур дац,
    Хьомсарниг! --
    Маьрша хьан кlентий
    Майра дlахlиттина
    Мостагlа човхо.
    Кlентийн дог
    Дахчадан,
    Мостагlий
    Чахчабан,
    Боккха ницкъ
    Беца хьан --
    Дайн лаьттан
    Йовхо!
    Иштта ду-кх
    Сан хьоме,
    Дай баьхна латта:
    Шийла хиш,
    Ийна кхаш,
    Сийна гlаш,
    Хьаннаш.
    Деза и мерз аду,
    Ваха ду атта --
    Къорза куз санна гун
    Дай баьхна латта.

Комментарии • 20

  • @mohmadgrozny1322
    @mohmadgrozny1322 7 лет назад +12

    Ишт к1енти хиллакх вай. АЛХЬАМДУЛИЛЛАХ1

  • @ТурлуевШайх-Магомед
    @ТурлуевШайх-Магомед 4 года назад +6

    Помню эту песню . Это из его последнего альбома Толам 96 . Дала г1азот къобал дойла хьа Имам

  • @vaynah4465
    @vaynah4465 7 лет назад +14

    Имам Алимсултанов , Ц1ена а вала ма веззара чекх ваьлла Маршонан некъа т1аьхьа.
    Вайна доккха масал а пайда а битина Цо - шенан дахарца а шен иллина чулацамца а.
    Цуьнан илли дешнийн чуламца дар Цуьнан Дахар а Къахьегар а Валар а !!!
    Аллах1 Далла г1азот къобалла дойла цуьнан, Дала декъала войла иза.
    Ин ша Аллах1а вай даимна до1а дийра ду цунна иштта вай бусалба мохк маршоне некъа т1аьхьа парг1ат боккхуш шира хенара дуйна схьа д1а кхелхинчу вай к1енташна а .
    Аллах1а къинхетам бойла царахь а вайха а , Амин .

  • @rts-9053
    @rts-9053 8 лет назад +11

    Allahu g1azot khobal doilakh h1a tha home vash
    Vai day mohk kerstan munafikhan byussar bac INSHALLAH

  • @montyburns9126
    @montyburns9126 3 года назад +3

    Ма хаз дешнаш ду

  • @nazma-studio
    @nazma-studio 13 лет назад +12

    Ма хаза дешнаш ду х1орш.. Ца хезнера суна иза эшар...

  • @nurzhanomarova1518
    @nurzhanomarova1518 6 лет назад +3

    Аллах.г1азот кьобал дойла..шу дакьилханчарна .собарца собарца ял лойла веззаховолу.
    Аллах хьо винчу Нана
    Хьоьца Хилла
    Бислан омаров.нана
    Ю со .массера.г1азот кьобал дойла

  • @isa8071
    @isa8071 8 лет назад +10

    какой голос ааа ☝👍👍👍

  • @dinis5022
    @dinis5022 6 лет назад +4

    МАШШАЛЛАХ хаз Аз ду дешнаш корге ду Аллах декал войл Хьо ИМАМ АМИН АЛЛАХЬ!

  • @rizvanrizvanov6578
    @rizvanrizvanov6578 8 лет назад +9

    ц1ен дешнаш ду

  • @donnijenkins3575
    @donnijenkins3575 4 года назад +3

    Имам,Аллахьо декъал войл хьо☝️☝️☝️

  • @ИльясИнгуш-х7ц
    @ИльясИнгуш-х7ц 8 лет назад +6

    Дало гешт долд

  • @icharho
    @icharho 6 лет назад +4

    ☝️👍👍👍😢

  • @nemonemmo6574
    @nemonemmo6574 3 года назад

    Имам Дала гъазот къобал дойла хьа. Невозможно без слёз слушать, душу выворачивает

  • @asadullashishani4013
    @asadullashishani4013 8 лет назад +5

    1илм дол нах бац х1инц цун хилчун 3 часьт къонхал йолш

  • @laboratory7844
    @laboratory7844 7 лет назад +1

    ассаламу Алайкум брат. можешь это видео скинуть мне?

  • @Strannitsa
    @Strannitsa Год назад +1

    Как же прекрасна и душевна эта песня♥ слушаю несколько лет и все как впервые... есть ли её перевод?