Нохчийн Баллада - Апти Бисултанов

Поделиться
HTML-код
  • Опубликовано: 7 сен 2024
  • ¤Нохчийн баллада¤
    Ваа сарахь суьйренца,
    Бузучу малхаца,
    КIайн нускал ва санна,
    Шен гила кечбина
    Ша аравелира
    Ша ааравелира
    Шаа аравелира сий долу къонаха.
    Воо стенга воьду хьо?
    ХIун дайна лела хьо,
    Доладан да воцуш,
    Хьайн хIусам йитина,
    Метта-мотт бовзанза,
    КIайн нускал дитина,
    Воо стенга воьду хьо,
    ХIун дайна лела хьо?
    И ненан шийла мохь ца хезаш биссира,
    Лаьтта тIе шайн рожехь маликаш диссира
    МостагIчо мохк боккхуш
    Дош аллал ца хилларш
    Лоллин синкъерамехь
    Тхьамдалла хуьйшучохь
    ХIурлаIа мехкаршца
    Дала мах биначу
    Къонахийн мах хедо
    Хабарчаш хуьйшучохь
    ХIусамах Iебийла
    ХIусаман меха верг
    Нускалах Iебийла
    Нускалан мега верг
    Маршонах кIайн нускал
    Дина верг Iебар вац
    Мехкан да воцуш верг
    ХIусаман да а вац
    Сай бижа боьдучу
    Куоканан коьллашкахь
    Батто гIум къегочу
    Цу Теркан тогIешкахь
    МостагIийн жIаьлешца
    Мохк къовса воллу ша
    Шен докъах беза мах
    Биехийта воллу ша
    КIанта шен ойланаш некъе дIайийцира,
    Терка чохь шайн цIийлахь седарчий лийчира…
    Ваа сарахь суьйренца,
    Бузучу малхаца,
    КIайн нускал ва санна
    Шен гила кечбина
    Ша аравелира
    Ша ааравелира
    Шаа аравелира сий долу къонаха
    Бийсолтан Апти
    2012 шо
    ***

Комментарии • 74

  • @gunoevskiy
    @gunoevskiy 3 года назад +34

    Дависа хӀокху дешнашна эзар сов лайк хӀотто аьтто белара сан!!!

    • @es.4843
      @es.4843 3 года назад +5

      Буьйса дика хуьлда хьан ! Хьан комментариш ешча тайп-тайпана хена чохь яз йина гуш я. Аса а ладуг1у кхуьнга кест-кестта. Баккъала а ма ч1ог1а к1орга чулацам болуш ду Аптис яздо мог1анаш. Б1аьргашна хьалха д1аяхана хан х1утту. Гуттар а дехар дац те оцу шайн хазачу г1иллакхашца вайн нохчийчн къам!

    • @gunoevskiy
      @gunoevskiy 3 года назад +4

      @@es.4843 Далла езийла хьо!!! Делан пурбанца дехар ду вайн къам иштта хазачу гӀиллакхашца!!!

    • @gunoevskiy
      @gunoevskiy 3 года назад +3

      @@es.4843 Суна а хета хӀокху могӀанашка ладугӀуш чӀогӀа хаза!!!

    • @es.4843
      @es.4843 3 года назад +5

      Даламукълахь! Кхин вайн къоман вуон ма гойла вайна

    • @gunoevskiy
      @gunoevskiy 3 года назад +3

      @@es.4843 АллахӀумма амийн!!!

  • @user-xq7by9mz7j
    @user-xq7by9mz7j 9 месяцев назад +13

    никогда не думал что стихи смогут заставить меня прослезиться , пока есть такие поэты в чеченском народе Нохчалла сохранится в наших словах, в наших поступках, в наших потомках . Дал сий дойл хьа Апти Бисултанов

    • @islamdudayev653
      @islamdudayev653 8 месяцев назад

      Как минимум на словах

    • @user-xq7by9mz7j
      @user-xq7by9mz7j 8 месяцев назад +4

      @@islamdudayev653 по сравнению с другими народами мы все еще на две головы выше них по морально-нравственным качествам , так что не все так плохо , но нам хотелось бы чтобы все было идеально , а те минусы что у нас есть это результат 200-летней оккупации Чечении руско-фашистскими ордами

    • @islamdudayev653
      @islamdudayev653 8 месяцев назад

      @@user-xq7by9mz7j Дал бакъ дойл

  • @gunoevskiy
    @gunoevskiy 3 года назад +35

    МостагӀчо мохк боккхуш
    дош аллал цахилларш,
    Лоллин синкъерамехь
    тхьамдана хуьйшучохь...

  • @codee9020
    @codee9020 3 года назад +35

    Марж дуьне йа1,сан силах1 Нохчи къонахи !..АЛЛАХ1 деба дойла шу!

  • @____-gz3iz
    @____-gz3iz 2 года назад +12

    Аллах1о сий дойла хьа ,ахь хьай кьоман ма дарра.

  • @snikers1400
    @snikers1400 3 года назад +16

    ЙА Аллах Дала Сий Дойла Шу Яхь Йолу Кьентий ялсамане хьеши хилил шу 🙏🙏🙏🙏🙏🙏🙏🙏🙏🙏

  • @zaramagomadova9769
    @zaramagomadova9769 Год назад +6

    СубхьанаЛЛАХ1! Ма байт ю-кх иза! Ма дешниш ду-кх уьш! Аллах1о могшаллица дукхавахавойла хьо, нохчийн къоман Илланча!🤲 Дала сий дойла хьан, Апти!

  • @user-hn4nu5eg6v
    @user-hn4nu5eg6v 2 года назад +13

    Аллах1а вахавойла хьо, Апти

  • @Nohcho-yv2qw
    @Nohcho-yv2qw 2 месяца назад

    Аллаху Акбар☝ са нохчийн чоь🐺✊🏻❤

  • @user-jp8ph9mx7n
    @user-jp8ph9mx7n 4 года назад +16

    Поэташ, Турпалхой, Къонахий, Эвлаяаш цхьана мог1арехь бу! Дала сий дойла церан! Дала 1алашбойла уьш!

  • @triadamafia980
    @triadamafia980 Год назад +8

    Маша'Аллах1!!! Ма лекхар т1ег1ан т1ехь говз дош олу ахь , Аллах1у Акбар!!!

  • @tga8971
    @tga8971 2 года назад +13

    Я с ним встр..в Дюссельдорфе..Мужик 100%

  • @user-js8em7ym6o
    @user-js8em7ym6o 3 года назад +24

    Сан Даймехкан жовхар, Апти.

  • @user-hp8hr1kr9b
    @user-hp8hr1kr9b 6 месяцев назад +2

    Огромная благодарность будет автору канала если он уберёт музыкальное сопровождение.

  • @user-ws2bl5ht5y
    @user-ws2bl5ht5y 2 года назад +16

    Х1окху байте ла моссаза дуг1у б1аьргаш т1унло сан. Х1ун ду а ца хаьа, Тимерханов Юсуп (Аллах1а г1азот къобалдойла цуьнан) дагавог1у суна х1оразза а. Оцу Делан мостаг1чунна герз детталц сайна гина а я вуьйцуш хезна а воцучу Юсупан кхалхар, нанас дена виначу вешин кхалхар санна, хала лайра ас. Дуккханийн а иштта и синхаам хиллийла а хаьа суна. Кхин цхьа х1ума а ду: вай шадерш а д1адевр ду кху дуьненчуьра, х1ора а сино валар 1овшур долуш ду, амма лаьттан букът1ехь нохчий ц1е йолуш къам мел деха х1ара байт а ехар ю, мостаг1чуьнца мохк къовсуш эгначу къонахийн ц1ераш а ехар ю. Иштта, шеко а йоцуш, къоман сийнна т1екхевдинчу Делан мостаг1чунна бекхам биначу Юсупан ц1е а ехар ю.

    • @user-mj9lb7du4h
      @user-mj9lb7du4h 2 года назад +5

      Маржа Дуьне я1!.
      Декьал хуьлда хьо сан юьртахо. Мад1атесси-кх хьо махко, мад1авеликь хьо замане 1ийшита. Йог1ур йу кхане, бекхаман некьаш а диллина.

    • @user-hv9jo5cx2m
      @user-hv9jo5cx2m Год назад +1

      ​@@user-mj9lb7du4h Д1а ца теса хьун и тхо мял деха тха дегнашкахь вехар ву хьун из Сий дол ЮСУП тхв Ваша🐺

  • @user-ln8gg3tv2u
    @user-ln8gg3tv2u 4 года назад +19

    Дика дешнаш-эшар жимма лаг1йе-дика хазайта

  • @codee9020
    @codee9020 3 года назад +21

    Апти-Нохчи самородок!

  • @user-ln7vt9fw2v
    @user-ln7vt9fw2v 2 года назад +13

    Браво! Апти самый лучший!

  • @Moldecyi
    @Moldecyi Год назад +2

    Ма ч1ог1 маь1ан долаш дешнаш дукх иш , Аллах1 декъал бойла вай , г1азоти д1а кхелхан , йижариъ йа вежариъ

  • @user-pm5nh8gx4e
    @user-pm5nh8gx4e 11 месяцев назад +1

    Апти вай Нохчи кьома Турпал ву б1я шарашкахь декар ду цо яздина байташ

  • @tomatoma466
    @tomatoma466 2 года назад +6

    Шааа ара велара сий долу къонах...

  • @annasidorova7317
    @annasidorova7317 4 года назад +18

    Дала дукьвахвойла хьо Апти

  • @zumsoevskiy__
    @zumsoevskiy__ 2 года назад +6

    Ма доккха маь1ин долш, байтш яй уьш👍

  • @user-pu8wx1oe9m
    @user-pu8wx1oe9m 2 года назад +5

    Ассаламу аллейкум НОХЧИЙ

  • @annasidorova7317
    @annasidorova7317 4 года назад +12

    Ма хаз дешнаш ду. уьш

  • @user-yd8tl2el4f
    @user-yd8tl2el4f 2 года назад +9

    Шедевр👍🏼

  • @triadamafia980
    @triadamafia980 3 года назад +6

    Аллах1у Акбар!!!

  • @tga8971
    @tga8971 2 года назад +4

    Ма ч1ог1 дешнаш ду юьш

  • @user-lu8hy2os5e
    @user-lu8hy2os5e 4 года назад +8

    Апти хьа стихиш уьш ю

  • @user-sc6ef3rq5c
    @user-sc6ef3rq5c 2 года назад +3

    Полностью

  • @user-kv8oy3py9n
    @user-kv8oy3py9n 4 года назад +9

    👁️💚👍🏻👍🏻👍🏻👍🏻🔥🔥🔥🔥

  • @user-qc1im9rt8b
    @user-qc1im9rt8b 4 года назад +8

    👍👍

  • @timurfury605
    @timurfury605 2 года назад +2

    Шик

  • @annasidorova7317
    @annasidorova7317 4 года назад +8

    +++++++++++++++

  • @annasidorova7317
    @annasidorova7317 4 года назад +6

    ++++!!!!!!++++

  • @annasidorova7317
    @annasidorova7317 4 года назад +6

    ++++++++++

  • @user-yc5vq3tc3r
    @user-yc5vq3tc3r 7 месяцев назад

    звук музыки порой заглушает чтение поэта.

  • @user-cc2op7so3l
    @user-cc2op7so3l Год назад

    ❤❤❤

  • @user-im2gc9zt2f
    @user-im2gc9zt2f 4 месяца назад

    Может кто то знает, где можно найти эти стихи, но без музыки?

  • @user-sc6ef3rq5c
    @user-sc6ef3rq5c 2 года назад +2

    Можно на чеченском текст ?

  • @palmira641
    @palmira641 2 дня назад

    Очень мешает музыка!!!

  • @caucasienfr9051
    @caucasienfr9051 6 месяцев назад

    Музыка мешает слушать,слишком громко.

  • @kavkarfagen3636
    @kavkarfagen3636 8 месяцев назад

    👍👍👍👍👍👍🫡

  • @t.m4512
    @t.m4512 11 месяцев назад

    Музыкальное сопровождение слишком громкое.

  • @aizanalbukaeva9733
    @aizanalbukaeva9733 Год назад

    Музыку надо было ещё громче сделать🤦‍♀️🤦‍♀️🤦‍♀️

    • @user-hv9jo5cx2m
      @user-hv9jo5cx2m Год назад +1

      Очень красивя это музыка

  • @user-cu5by9ve1l
    @user-cu5by9ve1l 2 года назад +2

    Над дикцией надо поработать, или дать почитать профессионалуx..

    • @triadamafia980
      @triadamafia980 2 года назад +5

      ма байъа

    • @ummnafisa6227
      @ummnafisa6227 Год назад +2

      Он эти стихи писал, разве лучше него сможет передать боль ,бурю который он испытывал когда их производил в слух?!

    • @user-xq7by9mz7j
      @user-xq7by9mz7j 9 месяцев назад +2

      дикция , звук, музыка, соответствуют воодушевлению поэта , который их прочитал не как просто текст , а как выстраданную боль всего народа сразившегося в неравной битве с русо-фашистским монстром . Лучше чем автор стихов ни один диктор их не прочитает !

    • @user-no7hx6pw8t
      @user-no7hx6pw8t 6 месяцев назад

      Ар ял кху чур