Нохчий къом Дог лаш Нах мит ца бойл ляри.Вай Лулхой с западной стороный.Нохчий къом культурный наследия и Нохчий къом-Мархьал.щайн чу йарзин аш бар Вот уже в 32-года Как образовался Фитно Смута-анклав на двух Чеченских районах.Причем Наглом образом под Носом у народа Нохчо.
Йазло канале: ruclips.net/video/sqqeVugTSbk/видео.html&ab_channel
Де дика дойла хьа са бусульба лераме ч1ога хаза х1ума ду ахьа долиниг ДАЛА БЕРКАТЕ Т1АЬХЬЕ ЛОЙЛА ВАЙНА ДАЛА СИЙЛАХЬ ВОЛЧА АЛЛАХ1А.
Ч1ОГА ДИКА Х1УММА ДУ
Здоровье вашим рукам, пусть Аллахь поможет вам и нам всем в возрождении наших традиций и культуры! Вы вносите огромный вклад! Аллахь рез хилил
Лерме Раиса, Дала аьтто бойла, кхиамаш сов бакхийла!
Раиса Дал ше доьхь лорийл ахь маьл дийриг.Альхьамдуллилах1 дик болх бу ахь бийриг.Уггаре коьртниг вай Нанош ,вай д1абаханчу къанош маьл лелийнарг карлдоккхуш и вай мехкарий 1аморна и корматал царн йовзийтарна а.Дал сий дойл хьа ,кьасстана ахь к1оргер и вай Нен мот хаз буьйцуш ,ч1ог1 самукъдолш ладуг1 ас хьа передачашк.
МашаАллах1
Дела Реза хуьлийла Раиса и болх ахьа вай маьхкаршна 1аморна
Дел рез хил, тхо т1е лацарна
Дуккху хумш кхета кхити, хьа леци. Дал мукълахь кхи д1а ишт гергарло лелор ду.
Раиса, Дала аьтто Бойла хьан, хьан дикачу накъостийн а. Нагахь санна т1арг1анах Болу пайда шайна хаахьара вайн наха т1ерг1аниг Бен йа гоь а, йа йург1а а лелор дацара. Энашна, радикулитана, шелонца йолчу муьлххачу цамгарна Пайде и цамгар ца кхетийта бахьана ду т1ерг1а бедар, партал а. Амма бакъду да- вахар делла итальянски бренд бе вай оьцара-м йац😢. Дала шен дуьхьа дойла ахь нахана а, махкана а пайденна мел лелош дерг 🤲
Раиса ДАЛА беркате бойла хьа болх,ахьа лелош дерг доккху х1ума ду,вай т1аьхьен оьшуш долу...и доцург ахь телевиденаьхь беш болу болх.ДАЛА т1аьхье беркате йойла кхиамаш болш.
Вааа дашо хил хьа ши куйг.Мах бац хьа Раиса.Дала аьтто бойл.
@@Lambre651 😎👍
Аллахь аьту бойл
Дела рез хийл хьун Раиса.Ч1ог1а мехалла болх бу.Т1екхуьучу кьоначу т1ехьенна и довзийтар кхиь мехал ду вайн кьома эс д1а дер дац -кха, вайн дахарехь лелош хилча.Цу х1уман сий деш долу адам мел ду.Доцца аьлча шен кьомах дог лозуш цун д1а дайнарг,карла доккхуш кьа хьоьгуш йолу Раиса хьоь,хьо саннарш мел бу
Раиса,ма яхь йолуш йо1 йина-кх,хьо йинчу нанас!
Дукха х1ума 1амна-кх суна хьоьгара.Сайх б1обулуш йалхьара,хьоьга суо а 1ама йойтара йара аса.Сан 61 шо ду.Со школера пенси йахна .Болх бан-м лаьара суна,амма оцу т1арг1ица дукха къахьега дезар ду.
Дала аьтто бойла хьан,нохчийн къоман оьзда йо1!
Йог1ар ю(Дала мукъалахь)Гихта цхьацца х1ума иэца😊
Со ч1ог1а хьох яккхийо.
Раиса Аллахь1 могшал лойл хьун мачохь собар долаш мачохь вай нохчойл дезаш зуд ю кровь догг шаеригее нохьчоо юкь хьо бакь егг Субханалахь Аллахь1 дукь яхь йойл хьо ❤❤❤❤🤲🤲🤲
МашаАллах1..Раиса ишт тха б1аргш дилош мосхен жима хаза а дика а Иманяхь латийла хьо тхуна. Амин🌹🌹🌹
❤
Шен къоман муьлхха а г1иллакх, 1адат, дезаш, цуьнан сий деш йолчу бакъйолчу нохчийн зудчуьнга, йо1е бен д1акхехьалур долуш дукъ дац и. И дукъ даима а шега д1акхехьалур долчо бен т1елоцуш ца хилла. Дела реза хуьлийла хьуна, Раиса, Дала сий дойла хьан - дуьненахь а, эхартахь а, тахана ахь оцу вайн къоман массо а х1уманан ма-дарра! Доьналла долуш, йахь йолуш хьуо ца хилча, ахь т1елоцур дацара и дерриге а! Йоккхайе со, сайн къомах иштта йо1 х1окху чолхечу заманахь хиларна! Дала дуккха а шерашкахь, могушаллица,ирсе йахайойла хьо, РАИСА!❤
Дал аьтто бойл вай
Раиса говза ма йу, хаза белхаш ма ду, дика корматалла ма йу и! Иштта и т1арг1а лело карх далар доккха х1ума ма ду! Дала аьтто бойла хьан!
Аллах1 Да́ла 1алш е хьо Раиса . Ма вай къо́манна пайдехьа болх букх ахьа́ а , хьа накъосташа́ а беш берг . Да́ла аьтто бойла шу !!! Да́ла вай къоманна пайдехьа дойла аш деш долу и хаза г1улкхш .Вай дайша , на́ноша б1аьннаш , эзарнаш шерашкахь , шай халчу да́харшкахь , шайна зи́е мел делларг т1аьхьенашна 1а́мош , да́с к1анте д1алуш , на́нс йо1е д1алуш схьаеана къома говзалла ,корматалла аш пусар деш , вай т1екхуьучу кегирхошна 1амош и белхаш ка́рла ба́хар ма доккха , мехала х1ума дукха . Юха а Аллах1 Да́ла аьтто бойла шу , Да́ла сий дойла шу !!! 👍👍👍🤔
Раиса ахь беш бол болх дала.беркатебойла и дала сийдойла хьа .и т1арг1ан сий.деш ю со сан хьо суна хаза хета.оцу т1арг1анах ,дукха пайда эцарна
Салам Маршалла ду Шоьга Массерга ъ : Раиса хьога ъ , хьан г1ончаьшга ъ . Аллах1 реза хийла шуна , къаьсстийна хьуна - Раиса , Аллах1о вайн схьаделла долу ни1матан хам-пусар дарна ца 1аш - и вай кегирхошна довза ъ довзийтуш , хьег1амца ъ, 1илманца ъ хьайн куьгэшарца д1а ъ гойтуш , вай Нохчий Къомаьхь гуттара хилла йолу корматалла карла йаккхарна ! Аллах1о хьуна и йахь-доьналла даларна АльхьамдулиЛлах1 !
Ма таг ца хет сун ше мотт ца буьйцуш, цог дойуш верг.
Дала аьтто бойла хьа Раиса.
Беркате болх бойло Раиса адрес дийцахьа.
89652866000 Гихтара Дом Культур. Рузбан маьждигна т1ехьа йу
Раиса сун ма цахаар хьо ишт г1улкх деш юй
Со а йохар ма яр хьо йолче со ягихта йолч хенахь 🎉
Нохчий къом Дог лаш Нах мит ца бойл ляри.Вай Лулхой с западной стороный.Нохчий къом культурный наследия и Нохчий къом-Мархьал.щайн чу йарзин аш бар Вот уже в 32-года
Как образовался Фитно Смута-анклав на двух Чеченских районах.Причем Наглом образом под Носом у народа Нохчо.
Оца накъостан Нохчи мотт 1ама байша!
1емар бу,Дала мукъ лахь,цуьнан лаам бу!
Раиса, цара мичахь лелор ду уьстаг1ий бежний?
Со йан мегар дуй хьо йолчу 1ама, Раиса?
Делдахь букх т1арг1 дарбане! Са лазйаьл почкш пуха бой лелийн тойелиркх са и после не болели☺️