Линда Идрисова Догу дог от Тамилы Сагаиповой New

Поделиться
HTML-код
  • Опубликовано: 1 фев 2025

Комментарии • 1

  • @limalimonya5460
    @limalimonya5460 5 лет назад

    Мерзачу набарха со йолу х1инца, сахьийзаш даима хьан ойла йо,
    Хала ду хьоменаг безамца къийса, ирс лоьхуш кийрара жима дог сан деттало,
    Мел дукха хьежарах ца тоьу суна, хьоьга болчу безамна тоха сан доза дац,
    Хилахьа цхьа жимма гергара суна, хьо воцург дуьненчохь кхи х1уммаъ суна гац.
    Хьан б1аьргаш дагатуьйсуш диц ца ло суна,
    Царна чу хьаьжча д1айолу г1айг1а,
    Волахьа, хаздеш сан дахаран туьйра,
    Ц1еначу безаман дош деха соьгара, ч1аг1 йеш вай уьйра.
    Дог догу безамах суй туьйсуш сийна, ас хьоьца дуьстина дахаран тай,
    И безам сецаба ницкъ бац сан кхи, лаьаркха ирс долуш даима дахийта вай,
    1аьржачу буьйсане даггара дуьйцуш хьан амат седанех тардина ас,
    Хьо везар совдаьлла г1айг1ане юьйлуш, хьоьга кхойкхуш сан даго дека до шен аз.❤️❤️❤️