Жайнаш | Хабаев Исмаил

Поделиться
HTML-код
  • Опубликовано: 28 сен 2024
  • ЖАЙНАШ
    Оцу хьайн къоман вуон х1уманаш ма ч1ог1а гойту ахь оцу хьайн йозанашкахь, и дан х1ун ду аьлла, шега хаьттича, и - суна сайн къам дукхадезар ду-кх, аьллера боху цхьана яздархочо.
    Нанас хастийна йо1 нахала а ца яьлла, дас хастийна дин хьалха а ца баьлла, олуш ду. Шен ледарлонаш хьахош хила а деза къам, яханчу хенашкахь шегахь дийлинарш г1алаташ хиллийла а хиина, кхин юха уьш ца дийлийта цунах хьехар а хуьлуш. И хьехар хуьлуш доцчу къоман сатийсам эрна бу. Хьекъал долчу стага уггар хьалха шегахь лоху хиллачунна бехк.
    Вайн къоман мостаг1ий дукха хилла даим. Тахана а бан а бу. Х1инца а ден букъахь, ненан кийрахь а боцуш, дуьненчу бахка безаш а бу. Гуш волу мостаг1а-м хала а вац, оцу гуш воцчу мостаг1чо к1елонна боьг1начу гурах ларвала хала хуьлу, синсамо ца хилча. Ткъа и синсамо хьекъална г1ийла хилча, ца дешча хуьлуш яц.
    Хьуна а, хьан чкъурах болчу нахана а, аш шен дуьхьа синош д1а а луш, оццул и Испани еза хетар х1ун дара те, аьлла, шега журналиста хаттар дича, де Голльин накъост волуш, фашисташна дуьхьала Мадридехь турпала чекхваьлла волчу французийн яздархочо Андре Мальрос доцца жоп дела цунна: «И дера ду - Дон Кихот кхоьллинарг испанхо хилар», аьлла. Кхидолчу къаьмнашна «яздархо» бохург, "хьекъалча" бохург мел деза ду, мел сийлахь ду гойту оцу масало, и яздархо шайн къоман а воцуш, кхечу къоман велахь а. Цхьанна дагадан тарло, вай цаьрца х1унда дусту, уьш даккхий къаьмнаш ма ду, аьлла. Шаьш муьлш ду а хууш, нах муьлш бу а хууш, ойла а, кхетам а лаккхара болу муьлхха а къам ду доккха, цхьа юрт йиллал бен и дацахь а. И санна долчу къаьмнех хилла а ду и «даккхий къаьмнаш».
    Дешарца а, ешарца а долу гергарло ч1ог1а г1ийла ду вайн къоман, къаьсттина кегийрахойн. Таханенан а, кханенан а лазам и бу. Шен мотт а, нехан мотт а, шен къоман бартакхолларалла а, литература а, б1ешерашкахула, кху дийне кхаччалц шен къомо бина некъ а бевзаш, дуьненан истори а евзаш, шен Дела а, дин а девзаш хила веза къонах. Х1уманна хьесап дан хууш, х1уманна сакхуьуш, мостаг1ийн к1елонашна т1екхуьуш хир ву и т1аккха. Т1аккха иза, шех пайда а оьцуш, шен 1алашонаш кхочушъян, цхьаммо а шена хьалхара вала а, вохка а, ц1арга кхосса а вуьгур вац цкъа а, тахана 1еха а беш, нохчийн кегийрахой ма-биггара. Хьекъал долчо 1овдалчуьнан куьйгашца лаьхьа лоцу, баьхна. Эццехь ю и к1ело. Цунах ца кхетар - боьхна болх бу. Хьекъална эшна а хилла, ша нахана атта а, ворах а хетийтина, шех нахе пайда эцийтар - эхь ду къонахчунна. Лазамна дуьйцуш ду кхузахь мел дуьйцург, дийцар декхар а долу дела, хьан къоман кхане хьох йоьзна а йолу дела, хьан лазам - вайн юкъара лазам а болу дела, миччахь хилча а, хьо х1окху къоман юьхь йолу дела, хьоьгара даьлларг массаьрга а кхочу дела, вайн къомах волу хьо цхьана муьлш бу а цахуучу наха левича 1овжаме долу дела. Юха оцу наха, хьо яхье воккхуш, карзах воккхуш, хьуо майра лом ду аьлча, хьан са а къералуш, хьо хьуо хьайх воккха а вуьйш.
    Майра делахь а, лоьмехь синсамо хуьлу. Я цкъа а цхьогало 1еха а ца до лом. Цундела ду и лом. Цхьогалшна т1аьхьа а х1уьттуш, церан х1иллано ледеш лелаш делхьара - и лом а хир дацара, наха дустарна а далош. Цундела лоруш хилла нохчаша барамал т1ех йолу майралла - 1овдалалла. Хьо-м сох нийса ца кхета а мега!
    Бусалба пачхьалкх уггар хьалха шен дег1аца, шен ц1ийнан беа пена юккъехь, шен доьзалехь д1ах1отта хьажа веза къонах. Шена худар дан а цахууш, нахана хьовла дан воьдуш ца хуьлу. Ша цамогуш волчо нахана дан цхьа а дарба дац.
    Зеламха, цкъа а т1амехь эша ма ца оьшу хьо аьлча, суо тоьлур воцу х1ума долош вац со аьлла боху Харачойн Зеламхас. Латарой, майраллой, т1ом барой веш вац къонахчух къонах. Лата-м ж1аьла а, экха а лета. Кхоьруш а волуш, девнна кайолуш воцуш хила йиш юй къонах, аьлча, хила йиш ю. "Хьо кхоьруш х1ума дуй, Бийболт?" аьлла шега хаьттича, ду Делан возаллора, аьлла боху Таймин Бийболта, цхьа дала ца дезарг а даьлла, сий дарах кхоьруш ву-кх ша даим...даим кхоьруш ву-кх ша, аьлла.
    Хьоьца майралла къовса веана ша аьлла, иштта цхьа къонах шена т1евеъча, хьо тоьлла хьуна, аьлла боху цуьнга Харачойн Зеламхас, ша нахаца майралла къийса араваьлла вац, аьлла.
    Иштта хилла нохчийн къонахийн х1уманаш. Оцу масалша а гойту юха а, т1аккха а, къонахчух къонах вешдерг - хьекъал хилар. Вайн къомана тахана а, кхана а, кхана1ийча а коьрта дерг 1илма дара, майралла яцара. Майралла даим ца оьшу дахарехь. Даим хьаштдерг - хьекъал ду. Майралла оьшуш цхьа мур бог1у, оцу муьрехь хьоьгахь и хилчхьана.
    Далийначу нускална совг1атна барх1 б1е шо хьалха ваьхна волчу шайн поэтан Шота Руставелин «Ц1оькъалоьман ц1окалахь турпал» бохуш йолчу поэмин жайна луш ламаст ду гуьржийн. «Къам» бохуш долчу дешан шуьйрачу маь1нехь кхиина къам хилар ду и, шен дерг дуйла а хууш, цуьнан мах а хууш.
    «Жайнаш дагорал даккхий а хуьлу зуламаш. Царех цхьаъ: уьш цадешар ду», - аьлла поэта Иосиф Бродскийс.
    Оцу зуламах хьалхадовллалц, вайн къоман мостаг1аша к1елонаш еш, къам а хилла, д1адаха дуьтур дац вай цкъа а. Цунна ойла ян еза. Ойла еш хила боху вайга Дала.

Комментарии • 16

  • @БеноБеноевский-х9н
    @БеноБеноевский-х9н 6 лет назад +3

    Исмаил Аллах1 Дала Делла хьуна и хьекьал. Дала дукха вах войл это.(Амин)

  • @МагомедМерзуев-ц3у
    @МагомедМерзуев-ц3у 4 года назад +1

    Ахь дюцаг ?Я нах болч наха лелорг хьу ду ца хьуш, 95% вай къомахь болш, тилбела лелаш нах бу вайна юкъахь!!! Цера лелара а бахаре хьажца , Нохчи ву со цо алча, инзари цяцвали хьожу цярг!!!

  • @musabarsanq5692
    @musabarsanq5692 8 лет назад +6

    Далла сий дойла хьан исмаил .. кху чу яьккхчауьна а ))
    далла вайн нохчий барт цхьаъ бойла.

  • @Мария.Абрамова
    @Мария.Абрамова 5 лет назад +2

    Люблю этот голос

  • @ИмФа-я5д
    @ИмФа-я5д 4 года назад

    Ма нийса ду ахьа бохург!!!
    Эзара лайк.✍️👍👍👍👍👍👍

  • @undisputed2276
    @undisputed2276 6 лет назад +3

    Ма говз 1иттарш йо цо шай са а дег1 а ца кхоош Аллах1ан новкъа ар бовлуш болчу нахан
    Цхьа берш Аллах1ан герг д1а бахан..
    Вуьш ша раг1 т1е кхачалц собаре а болш хьоьжуш 1аш бу
    Ахь оццул хаза говза ле бечу матто хьайн дуьхьил тоьшал да долийча кхан дог1ун долчу докхачу къемат динахь..
    Т1акх хуур ду хьун..
    Хьо личи ахь емал бичи Аллах1ан новкъахь къа хьоьгуш болу къонхий хир болуш ма бу Барт хотту де даллалц

    • @tide6361
      @tide6361 5 лет назад +2

      Хьоьга ладоьхч, хьо вукх цовуьцург, хьо соьх нийса цакхетаъ тарло эларкх цо, 1илма 1амдехь т1аккх кхетар ву хьо.....

    • @isasmile5060
      @isasmile5060 5 лет назад +2

      Huzayfa Abdullaev Шена гонах цхьа к1еззигчу меттехь а г1о оьшуш адам делахь, кхечу пачхьалкхе боьду некъ ц1ахь биса беза! Вайн махкара т1ом д1абаьлла дукха хан яц, байш дисина, царна г1о дича хин болу мел бийцина а вер вац!
      Исмаь1алан къамел нийса ду!

    • @okean464
      @okean464 4 года назад

      Хьом, сох ниса цакхета1 мег... Цу олаш хезари хьун? Хан зама ялча кхета мег хьо.

  • @ne_tvoy_ff01
    @ne_tvoy_ff01 Год назад

    🤝🤝🤝👍👍

  • @ЗелимханСамраилов-б7п

    👍🏻👍🏻👍👍👍👍👍👍👍👍👍👍🏻👍🏻👍🏻👍🏻👍🏻👍

  • @МагаАхмадов-н9п
    @МагаАхмадов-н9п 8 лет назад +1

  • @rshsrh8677
    @rshsrh8677 6 лет назад +2

    Аллах сий дойл хьа!!!

  • @Robotcop-z7t
    @Robotcop-z7t 4 года назад

    И дика нийса ма элир ахь ! Дела реза хуьлда хьуна !

  • @aluedelbijev4816
    @aluedelbijev4816 3 года назад

    ☝️🤲👍👍👍🙏

  • @eliashakimov956
    @eliashakimov956 8 лет назад +1

    👍