«Нохчийн мотт-нохчийн къоман аз ду,къоман илли ду, къоман назма ю...»

Поделиться
HTML-код
  • Опубликовано: 19 дек 2024
  • «Нохчийн мотт-нохчийн къоман аз ду,
    къоман илли ду, къоман назма ю.
    Муьлхха къоман уггаре коьрта билгало иза, кхечу къаьмнех къастош дерг, цуьнан ша-тайпалла гойтург мотт бу.
    Мотт - къоман культуран бух бу.»
    Невран к1оштан Калиновски станицан юккъерачу ишколехь д1аяьхьира йоккха мероприяти. Цигахь дакъалоцуш бара дехьа-сехьара к1оштийн дешаран отделан куьйгалхой, хьехархой, культурин белхахой а.
    2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикин Президента Кадыров Рамзана, куьг йаздеш, ч1аг1дина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» Закон. Закон т1еэцна де 25-г1а апрель Нохчийн меттан аьлла д1акхайкхина ду. Оцу указца цо гайтина шен матте болу ларам.
    Кху дезчу дийно декхаре до вай ненан маттахь хазна ларъярехьа кхин а ч1ог1а къахьега дезар. Шен мохк а, мотт а боцург къам дац, олуш дара Нохчийн Республикин хьалхарчу президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжис (Дала декъалавойла иза). Вай даим а дагахь латтон деза: - нохчийн маттаца бен кхуьур яц вайн т1аьхье оьзда а, ийманехь а.
    Дала т1аьхье беркате йойла вайн!

Комментарии •